Дарц
Шрифт:
Тхьузйоьлла настарш меттайало гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIyн ала-те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-ГIалара Андри цIе йолу цхьа гIалагIазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-ГIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а йара, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун
«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.
Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.
– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.
ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.
– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.
– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.
Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.
Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.
Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.
– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.
Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIайаха дезча. Амма иза уьш дIайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеанчу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира.
Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а йаьккхина, уьш шена улло цIенкъа охьайехкира Iелас.XIapa шиъ и болх беш воллушехь, хIусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма йеттинчу сискалан йуьхкаш а чохь йолуш шун хIоттийра Iелина хьалха маьнги тIе.
– Бовха кхача кечбан хан йац xIapa, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца Iийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, – дийхира зудчо шен хIусамдега.
Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш Iapa Iела.
– Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаIа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, – элира хIусамдас.
– Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa. Аш суна xIapa кхача ца белча а, хIокху йовхачу хIусамехь, дIога дуьххехь, цхьана сонехь дIатевжина, буьйса йаккха меттиг хилчахьана а, тоьур ма дара суна-м.
Оцу дийнахь Iуьйранна цкъа-шозза йакъайелла баьпкан йуьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу Iела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша йаа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш йаа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш йацара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро йерриг а охьаэгийнера уьш.
– XIapa хIун муьжги ву? – хаьттира зудчо майрачуьнга.
– Хьанна хаьа иза.
– Амма милла велахь а, Iаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха xIyмa ду-кх, иза тIе а вижийтина, цуьнга мотт-гIайба бехйайтар, – корта хьовзийра зудчо, хьешан йахйеллачу можей, кIужалш хилла хьийзинчу коьртан йехачу месашкий, силамаша а, модаша а йуьзначу бедаршкий хьаьжна.
– И хIун ду ахь дуьйцург? – човхийра иза вукхо. – Эхь ца хетий хьуна и ала? Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?
– Ас-м иза, корта а, маж а йаьлла, беркъа волу дела бохура, – йоьхна жоп а делла, дIатийра зуда.
– Хьанна хаьа, вайна тIе хIун догIур а. Деэшначу, гIаддайнчу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тIедогIу.
Церан къамеле ла а доьгIуш, кедара шура лаххьийна дIа а мелла, шуьна тIера йухахилира Iела. ХIетталц шуьне бIаьрг тоха дага ца догIуш Iийна хIусамнана, кхин а тIе шура йотта дагахь, пеша тIера кхаба схьа а эцна, тIехьаьдира.
– Баркалла, кхин ца оьшу, – дуьхьал куьг лецира баккъал а вуьзначу Iелас. – Дела реза хуьлда. Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa.
Хьаша вуьзна, паргIатваьллачул тIаьхьа цуьнга гIуллакх-болх хаьттира хIусамдас.
– ХIинца, нагахь цхьа йоккха къайле йацахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гIуллакхо валийна хьо хIокху тхан йуьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айъина лелочу гIуллакхана гIо дан сан ницкъ кхочур бацара-те?
– Со Червлени станицера ву. Оьрза-гIалара.
– ЦIe хIун йу хьан?
– Андри.
– Андри… Андри… Мацах цкъа и цIе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, – ша шега вистхилира xIycaмда. – Ткъа лаа веаний хьо Нохчмахка?
– Къелло, эшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.
– Доьзал дукха буй хьан?
– Диъ бер… КIентан диъ бер. ТIамехь вийна церан да.
– Муьлхачу тIамехь?
– Японица болчу хIокху тIамехь. Дукха хан а йац иза вийна.
– ХIаъа, муьлххачу а тIамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тIаме. Цхьаъ, пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Вукху шиннах хабар дац. ХIун болх бийр бара ахь?
– ЦIенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.