Чора
Шрифт:
– Ой, аш хIун леладо? – хаьттира цецйаьллачу Мисалмата.
– Дера, воллу тхойшиъ хIара алаша дитта тIе йаккха, – элира Iалигирас.
– Говр йолу дитта тIе? – хаьттира Мисалмата.
– Дера, кхуьнан нана-м ма йелира кху тIе, – элира Iалигирас.
– Шед тохий, лалла аш, нана йаьллехь, иза а йер йу шуна, – аьлла, дIайахара Мисалмат.
– Вало, Чора, вайшиъ дIаваха веза, – аьлла, шен доттагI а эцна, дIавахара Iалигира.
ТIаккха хиира Чорина шен доттагIчо хин коьрте говр хIунда йалийна хилла.
Дикка хан йаьлча, Iуьйранна, сагатлуш, араваьлла йуьртарчу берийн кортош а даьшна, мIараш а хедийна,
Чорина хаьара, нагахь хьаша вагIахь, кхин хьалха дилла рицкъа шайн доций, делахь а, чIогIа мацвеллачу Чорина и йоьхь шена даа лаьара.
Цу ойланца летта йогучу товханна хьалха, гIийла корта а оллийна, охьахиира иза. Лазаро хьийзош йолу нана, гуттар чIогIа «ай-вай» бохуш, мохь хьекха йолайелира. Нанна хаале аьлла, катоьхна схьаэцна йоьхь цIерга а тесна, и марца а мерцина, кхаьллинчу Чорин, вагийна, «Вай!» – аьлла мохь белира.
– Хьуна хIун хилла? – хаьттира нанас.
– Дера, ца хаьа суна-м, ша чо меттах ца йаьллехь, сайна кхин хIун хилла, – элира Чорас.
Цо лелочух шекйаьлла, нана хьалагIатта дагахь тохайелира. И хиъна Чора, йоьхь а эцна, араиккхира.
Шовданан коьрте а вахана, тIе шийла хи а молуш, йоьхь дуур-кх ша аьлла, хьала волавеллачу Чорин бIаьрг кхийтира хи тIе йогIучу хазачу йоIах. ХIинццалц бегаш беш хиллачу Чорина, цуьнга вистхилар-м мича дагадогIура, и шена гуш хилар а доккха ирс лоруш, ша, тIе а вахана, вистхилча, иза, бехк а лаьцна, дIайахарна кхоьруш, цкъа а ца хилла безаман ойла даг тIе йеана, цу йоIе хьоьжуш лаьттара иза. Хи а эцна, и дIайолайелча, цкъа цунна тIаьхьаволавелира иза, йуха а, цхьамма лаьцча санна, тап-аьлла сацавелира.
ЙоI къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш а лаьттина: «ХIинца сан хилла ойла хуьлда хьох бIаьрг мел кхеттачуьнан а! Дала бакъ безам а, ирсе дахар а лолда хьуна! Ма ирс долуш вацара со, хьо хIусаме хьовззал!» – элира цо ша-шега.
Чубуза лестинчу малхо шен зIаьнарш и йаханчу агIор хьажийра, тIулгаш тIехь декачу ламанан шовдано шен эшарш цунна лоькхура, хьоькху мох а цуьнан лорах хьоькхуш бара, бай кхолуш девллачу зезагаша шайн кортош а и йаханчу агIорхьа теIадора.
И иштта ца хиллехь а, бакъболчу безамо вахийначу Чорина и дерриге а иштта хетара. Жимма ойла йеш а лаьттина, шен доттагI волчу вахара Чора. Iалигира, гуттар санна, шен алаша Iалашйеш воллура.
– Ассалам Iалейкум, хIай къечу нехан баьчча! – аьлла, тIехIоьттира иза Iалигирина, хьалха санна, гучу ца вала бегаш а беш.
– Ва Iалейкум салам, барт боцчу сагIадоьхургийн тхьамда! Хьо ма хьалхе веана? – аьлла, шен доттагIчун бIаьра хьаьжначу Iалигирина дукха хийцамаш гира Чорин йуьхьа тIехь.
– Iалигира, валохьа чу, тхайн ненах дадийна деттина йоьхь деанера ас. И сайгга даа а ца делла, хьо волчу веана со.
– Вало, делахь, доттагIчуьнца хIума-м вай дезачуша йуулда. Сан сийсара йууш йисина сискалан йуьхк а, морзин берам а бу, – элира Iалигирас, Чорас шена тIедеанарг кхин гIуллакх дуй шера-цIена шена гушшехь.
Чувеанчу шина доттагIчо, йекъачу паднара тIе охьа а хиъна, хIума йаа йолийра. Амма бIаьргашна хьалхара шовданан коьртехь гиначу йоьIан сурт лаьттачу Чорига
хIума ца йаалора. Цо сел дезаш кхаьллина йоьхь а, легашка хIоьттина, сецира. Вахана тIе хи а мелла, кхин хIума а ца йууш, сецира иза. И шега цхьа хIума схьадийца сиха вуй хиъначу Iалигирас а дIатеттира шена хьалхара шун.– ХIан, Чора, – элира Iалигирас, – хьо гучуваьлчахьана ву со хьан дагахь цхьа хIума дуй хууш. Дийцахьа хьайн дагара, вайшиннан ницкъ кхочург, дан таро йерг кIелдуьсур дац хьуна, ткъа доцург паччахьна а эшна.
– Нене дийца сацийра ас сайн дагара. Хьоладайн асарша са кхачийна, къеллой, баланой дог дуткъдина йолчу цуьнан кийра сайн бала а боссийна, ненах валарна кхеравелла, ца дийцира. Вешега дийца сацийра ас. Амма шен гIийлачу доьзална напха лаха гIерташ воллучу со цхьаъ бен воцчу сан вашас, со кхоорхьама, суна диканиг хьоьху ша аьлла, суо харцахьарчу новкъа ваккхарна кхоьруш, цуьнга дийцар а ца магий ас. Жимчохь дуьйна цхьаьна кхиъна, вевзаш-везаш цхьа доттагI вара сан. Цуьнга сайн бала ца бийцича ца волу, – аьлла, Чорас дIабийцира Iалигире шен кийрара, ша цIеххьана лаьцна, ловш болу безаман беза бала.
– Ойт, гора, Чора, йаI! – аьлла, хьала а иккхина, катоьхна шен шаьлта йукъах а йихкина, схьаэцна шен нохчтапча, мокхаз а хийцина, хумпIар чу а йоьллина, шаьлтанна тIе ка а диллина, дIахIоьттира Iалигира. – Йаьккхина йуьгу вайшимма йа йадийна, йа йагIахь, бертахь йуьгу вайшимма и Меликан Маржан? Вайн дика дай бийшинчу кашора, стигал тIехерца аьлча, бIаьрг тухур боцуш, лам хаьрцина богIу аьлча, агIо узур боцуш, дегIан мерзачу сих, Iаь тIаьхьа а йолуш, йухавер воцу доттагI хьалха ма волу хьуна тховсалерчу буьйсанна. Бел хьайн сацам!
– Деллахь, Iалигира, йаьккхина зуда йигначу цIенна бала а ца эшнера, йадийна зуда йигнарг къонах а ца леринера, йеъча, бертахь йига реза ма вара со-м, – элира Чорас.
– Вало, делахь, хIинца зудабераш хи тIе гуллун хан йу вайна, иза цигахь хир йу аьлла хета суна. Таханлерчу дийнахь ахь цуьнца дуьххьара а, тIаьххьара а къамел а дина, шуьшиннан хила йогIу йукъаметтиг къастор йу-кх вай. Амма, цхьабакъду, бехачу нехан йоI ша хиларе терра, къен варий, миска варий аьлла, цо вайшимма тIедеана гIуллакх беламе а даьккхина, вайша йухьIаьржа хIоттавой, дика кIант вижинчу кашора, вайша велла бIе шо даьллачул тIаьхьа а дуьйцуш хир ма ду тахана ас Меликан Маржан муха йигна. Нагахь цул тIаьхьа иза дIаэца хьо къонах ца хилахь, и сайна йиттал боьрша со вуйла-м хаьа хьуна. ХIинццалц хьалхаваьлла лелаш хьо хилла, тахана со виталахь, йукъа а ца гIерташ. ХIан, вало, – аьлла, шен доттагI тIаьхьа а ваьккхина, дIаволавелира Iалигира.
ХIара шиъ шовданан коьрте дIакхаьчча, тIаьххьара зудабераш, шайн хи а эцна дIадоьлхуш дара. ХIун дича бакъахьа дара-те аьлла, дIасахьаьжначу Iалигирин бIаьрг кхийтира, тIаьхьахIоьттина жима йоI а йолуш хи тIе йогIуш йолчу Маржанах.
Хьесийн бухкарца кIудал а йихкина, туька йиллал дари шена тIе а дуьйхина, бузучу маьлхан зIаьнаршлахь деши лепош йогIучу Маржана йуьхьIаьржа хIотто там ма бара со аьлла, дагадеанчу Iалигирас, оьгIазвахана, харт-аьлла кийрахь дог тохаделла, шен мекхех куьг а хьаькхна, шаьлтанна тIе кадиллира. ДIахьаьжча, берриге тидам Маржанна тIебахийтина, сан доттагIчун дашна муьтIахь хилахьара иза бохуш, Деле доьхуш санна, дIадахийтина куьйгаш а долуш Чора а гинчу Iалигирас, вела а велла, лахйира шен оьгIазалла.