Чтение онлайн

ЖАНРЫ

Шрифт:

– Маржан, – элира Iалигирас, цо шен кIудал схьаэцале, – со хьолана къен вара аьлла, сийдоцуш а ца лоруш, тайпа жима дара аьлла, гIийла а ца лоруш, хьайга цкъа-шозза вистхила пурба лохьа. Вайн нохчийн дика кIентий а, цIейаьккхина болу дика мехкарий а шайн оьздангаллица къаьсташ хиллера. Тахана охашимма хьайга ден долчу къамеле, хьайна мел хала делахь а, ладогIахьара ахь.

Ша хьалаэца кечйина кIудал лаьттахь а йитина, гIабалин йух лаца охьатаьIна йоI, хьала а аййалийтина, Маржана элира:

– Со реза йу аш ден долчу къамеле ладогIа, стаг къен вуй, вехаш вуй бохург хIинццалц соьга къестаделла а, йа суна дагадеана а хIума дац.

– Маржан, –

элира Iалигирас, – тайп-тайпана чам болуш, бес-бесара бос богуш, хIор а шен духдийларехь кхечарех къесташ, лоькху йиш а шатайпана йолуш, дукха шовданаш ду вайн лаьмнашкахь. Амма дерриге а халкъана дезаш къастийна цхьа шовда а дац вайн, хIор стага а шена дезаш къастийна цхьацца ду. Дуьне, Iалам хаздеш, бIаьста, бай кхолуш, зезагаш довлу вайн басешкахь. Царна йукъахь а хIор стеган безам болуш цхьацца зезаг хуьлу. БIаьстено сенйинчу варшашца олхазарш тIемадевлча, цара массара а лоькху эшарш хаза ца хета вайна. ХIоранна а хазахеташ царах цхьадолчийн эшарш йу. Ахь боккху ког а, аьлла дош а, лекхна йиш а, хьажийна бIаьрг а хазахеташ, хьоьций бен кхин ойла йоцуш, Далла а, нахана а вицвелла, цкъа хьуна дагавагIахьара ша бохуш, гурахь мархаша малх эшийча, ламанан коьрте деза дохк санна, безаман йеза ойла даг тIе йеана, ахь динарг бен, кхин дарба доцуш, лазар кхетта веза доттагI вар-кх сан, йерзайахьара ахь цуьнан чов.

Маржанна хIинццалц хезна дацара иштта хаза, оьзда, кIорггера ойла йолуш дина къамел. ХIинццалц хин коьртехь цуьнца къамелаш дина болу хьоладайн кIентий чIогIа кура а, шаьш бехачу нехан кIентий хилар гайта лууш а хуьлура. Йа цара ден къамел а ца хуьлура шена тIе тидам бохуьйтур болуш а. Ша цIеначу дагца цаьрца къамел дича, цхьамма и ненах дIатухур дуй хууш, ша хIун аьлча бакъахьа хир ду ца хууш, йоьхна хьаьвзира Маржан.

– Деллахь, ца хаьа суна-м и муха хир ду а. Амма нанас хьалххехь аьлла дара соьга, цIейоккхуш болчу, бехачу нехан кIенташна бен дош ма ло аьлла.

– Маржан, – вистхилира Iалигира, – шийтта стерчийн готано пхийтта дийнахь охуш, уьйтIара дуьйна дIаIуьллуш латта а долуш, тIехууш гIарабаьлла дика дин а болуш, цу динан бухкарш йуккъе дашо шед а йетташ, махкахь цIе йоккхуш, вуьйцучу кIанта хьайга йола аьлча, цуьнга йаха реза хир йарий хьо?

– Дера, суо гIур йара-йацара-м ца хаьа суна, амма сан да-нана цу захалонна реза-м хир дара, – элира Маржана.

– Ишттачу кIенташа хьалххе шайн гIайгIа бо. Хьайн дегий, неней а алий, хIокху сан доттагIчуьнга йолахьа, – элира Iалигирас.

Маржанна чIогIа хазахетара Iалигирас ден къамел, шен цIа йаха деззашехь, лаьттара иза.

– Деллахь, ца хаьа суна-м, шуьшиъ долахь туька йолуш а ца хилча, йа, алссам жа ду аьлла, къаьсташ а ца хилча, ненан лаамна тIера а йаьлла, дош дала хала ду-кх суна.

– Маржан, – элира Iалигирас, – туька йезарг сайоккхучуьнга йоьду хьуна, жа дезарг Iуьне йоьду хьуна, ахча дезарг банк лелочуьнга йоьду хьуна. Хьайна кIант везахь, Чорега йолахьа.

ГIадйахана йелайелира Маржан цо и дешнаш дукха хаза аларна.

– Бакъахьа ду, – элира цо, – бехачу нехан там алссам боккхуш Iедал ду, сан дай, наний, хьоладайшна йуккъехь йуьхьIаьржа ца хIиттал шун сох бала там хиллачу дийнахь со шуьга йогIу.

Ша хIун эр ду ца хууш, Iалигира Чорин бIаьра хьаьжира. Чорас, «реза ву» бохуш санна, корта таIийра.

– Бакъахьа ду, делахь, оха хьайна бакъо йаллалц, маре ца йаха дош лой ахь тхуна? – хаьттира Iалигирас.

– Аш бакъо йаллалц аьлча а, шух дог диллина, йаллалц ца йаха-м ло, – элира Маржана.

– Дала сий дойла хьан, хьо иштта оьзда ца хилча, тхуна а халахетар

дара, – аьлла, Iалигирас зудабераш дIадахийтира.

Чора а, ша цIа а вахана, ойла йан воллу аьлла, дIавахара. Iалигира, и къайлаваллалц цунна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, хьалавахара.

ЦIа ваханчу Чорас, дикка ойла а йина, оьрсийн махка йолах болх бан ваха сацийра, вагIахь, шеца Iалигира а вуьгуш.

* * *

Сатасале новкъа велара Чорий, Iалигирий оьрсийн махка йолах болх бан ваха. Суьйранна, хьакхар а хаькхна, кечйина ворда атта идайора Iалигирин алашо. Шаьшшиннан са ца гатдалийта, роггIана илли олура цаьршимма. Иштта шаьшшиннан самукъа а доккхуш, схьавогIуш волу хIара шиъ Гуьмсен ара кхаьчча, чIугйина, зуькар а деш богIуш зударий гира Чорина.

– Iалигира, урх озал оцу хьайн динан, – элира цо.

– ХIан, хIун хилла? – алаша сацийра Iалигирас.

– Ой, ца го хьуна оцу зударша лелориг?

– Битахьа, хIун до ахь царах?

– Цара хIун леладо хьажа воллу-кха.

– Хьажал, делахь, – элира Iалигирас.

Зударий дикка герга а кхачийтина, церан тхьамда йу бохуш хьалхайаьлла йогIучу зудче вистхилира Чора:

– ЭхI-хIей-хIай! Деллахьа, ма доккха хIума ду аш лелош дерг, ма боккха мел хир бу шуна! Делан дуьхьа аш хьоькху маьхьарий, кего ченаш, бетта когаш тергалбеш, ворхI стигланийн Iаьршашна тIе а хевшина, и Делан маликаш ду шуьга хьоьжуш. Аш деттачу маьхьарийн гIовгIа хезна, хIордийн маликаш ду гIевттина. Шаьш гIовттучу хенахь цара даржийначу тIемаша шун къинхьегамна йал йоьху Деле. Аш мел кхайкхочу хенахь шайна а дакъа кхочур дац-те бохуш, шуьга хьоьжуш бу йалсаманин шурин Iаьмнашкара хIурлаIан мехкарий.

– Бакъдерг ду ахь дуьйцург, Дела реза хуьлда хьуна! – элира тхьамдас.

– Мичхьара ду шу? – хаьттиа Чорас.

– ЧIинехара ду.

– Стенга доьлху шу?

– Эртан-коьрте зерате доьлху.

– ЭхIе-хIе-хIай! И чIогIа бакъахьа хIума ду! ХIинца аш хIун дей, шаьш зерате дIакхаччалц боккху болу мел а, дIакхаьчча боккху берг а, дикачу нахах цхьа стаг а лахий, хIинццехь дIакхайкхабайта. Дахарна а, йухадахкарна а йал алсам хир йу шуна, – элира Чорас.

ТIаккха йистхилира зударийн тхьамда:

– Деллахь, стаг, сел боккха, беза некъ эцна доьлхучу тхуна хIокху эрна арахь дика стаг ца хилча, хьо дуьхьал а кхетар вацара, ахь дIакхайкхабехьа и мел, оха хьо векал вин хьуна.

– Къобалвой аш со? – хаьттира Чорас вукху зударшка.

– Во! Во! – аьлла, маьхьарий туьйхира вукхара.

– Делахь со къобалхили, – аьлла, Чора мэл кхайкхо волавелира:

– Шу цIера арадевлчхьана аш баьккхинчу когана а, Дела дагавогIуш баьккхинчу когана а, Далла гIуллакхдеш ницкъ хилла дегI дашош даьллачу хьацарна шуна хилла мел, ас, дог реза дина, аш суол векал варна, хьуьлларчу Башламана бели, цунна кIелхула Сонахойн лаьмнашна бели, цул тIаьхьа чIебарлойн БIогина бели, Аптин Iуптарний, Iабазан Лабазаний, Киназан Миназаний бели. ХIан, хьалаайбал куьйгаш. Амин аьллаш!

Массо а зуда «амин» баха йолайелира.

– Тхутантуптин тандар таринта, йухайерзайе, Iовдал зударий, жIуга! – аьлла, шен чоин тIам хьала а лаьцна, ведда Чора ворданна тIехиира. Iалигирас шед тоьхна алаша масйира. Цунна йетта дагахь, тIулгаш кхуьйсуш, тIаьхьабевлира зударий.

Зударех ведда воьду Чорий, Iалигирий Пхьамта йуьрта кхечира. Цигахь, пурх говра тIе а виллина, цIа вахьаш шайн йуьртара стаг гира царна.

– Хьуна хIун дина, ва Якъуб? – аьлла, хаьттира шайн эвлахочуьнга Чорас.

Поделиться с друзьями: