Чтение онлайн

ЖАНРЫ

Шрифт:

Цул тIаьхьа ах шо даьлча Хорача хабар деара, тутмакхаш Соьлжа-ГIала дIабуьгу аьлла. Уьш ган боьлхучу зударшца кIанте а, кIентийн кхаа кIанте а тIаьххьара бIаьрг тоха цига ваха вордан тIе хьалаволуш, ког а тасабелла, охьакхетта, дIакхелхира къена БIаьхо…

Соьлжа-ГIалахь суд йира царна. Суд йина аьлла, цхьа бахьана лелийра. ШоIипа Къуръан тIехь дуй биира, Ушурма шен карах ца велла, иза ша-шен шаьлтан тIе а кхетта велла аьлла. Ткъа пурстопа Черновс а Инжила тIexь дуй биира, Элсана шен са далале шега элира, шена чевнаш йинарг хIорш виъ вара аьлла. ГушмацIа а, Зеламха а, Iизраил а маршавоккхуш, Iеламхина Сибрех йаккха хан а тухуш, кхел йира суьдо. Чернов дуьхьалвелира оцу кхелана. Зеламха маьрша витахь, Ведана округехь цкъа а синтем хир бац бохуш, мохь хьоькхура цо. Суьдан председатело а, къаноша а,

кхечу цIa чу бахана кхеташо а ца йеш, шаьш болччохь вовшашка масех дош а аьлла, шаьш масех минот хьалха йина кхел хийцира. Веанна а къоъ-ах шераш хенаш туьйхира. Кертара бежанаш а доьхкина, адвокатана делла ткъа туьма ахча, хи чу кхоьссича санна, тIепаза дайра. ГушмацIа, къена ву аьлла, Сибрех ца вохуьйтуш, БуритIа вигира. Ткъа Зеламха а, Iеламха а, Iизраил а цкъа Ростове, цигара дIа – Харькове, тIаккха Оренбургехула дIа Илецки Защите бигира.

Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала схьавалийра уьш виъ. ШариIатан суьдо шайга схьадехнера церан дов. Суд хилале Iизраил набахтехь дIакхелхира. Зеламхина хаьара, шариIатан суьдо а нийса кхел йийр йоцийла, хенаш а тоьхна, шаьш йуха а Сибрех дIахьовсор дуйла. ШариIатан суд а йара кхаьънаш оьцуш, Iедална а, хьаькамашна а йохкаелла. Тутмакхаша гIo а деш, масех буса къахьегна, набахтин пенах Iyьрг а даьккхина, цхьана буса ведира Зеламха. ГушмацIина ца лиира вада. Обаргалла лело ша къена ву, элира цо. Иза ша вита а ца лиъна, цуьнца висира Iеламха. Оцу буса Зеламхица кхоъ ведира набахтера – Саратиев Муса, Шелара Дики а, ШаIми-Юьртара Бийсолта а. Уьш виъ цхьаьний обарг велира. Амма Зеламхин кхаа накъостан оьмар йеха ца хилира. Дукха хан йалале Дики, Iедало лаьцна, ткъа шо хан а тоьхна, Сибрех каторге вахийтира. Муса а, Бийсолта а чIирхоша вийра.

Ша набахтехь волуш, цигара дийна аравалахь, уггар хьалха кхо гIуллакх кхочушдан чIагIо йинера Зеламхас.

ГушмацIагIеран боьрша нах, лецна, Сибрех бахийтича, майраваьллачу махкатIхойн йуьртдас Зезаган бертаза, ХушуллагIеран бертахь иза шен кIантана йигира. Хьалхара чIагIо, Зезаг, цаьргара схьа а йаьккхина, Солтамурдана цIайалор йара цуьнан. Ша набахтера ведда цIа веанчу шолгIачу дийнахь, МахкатIа а вахана, цаьргара Зезаг схьа а йаьккхина, шайн цIа йалийра цо. Йуьртда а, цуьнан нах а Зеламхина дуьхьало йан ца баьхьира. Зуда бахьана долуш йукъа мостагIалла дожийта ца лиира царна. Цигахь марехь йу бохуш, цIе йолуш масех баттахь Iийнехь а, майрачуьнга шех куьг ца тохийтинера Зезага. Нанас дуьнен чу ма-йаккхара, цIена Солтамурде дIайелира иза Зеламхас.

Цул тIаьхьа цо бекхам эца безаш ши гIуллакх дара. Черновс набахтехь шена тоьхна тIара а, Добровольскийс шен ден ден озийна маж а. И шиъ вен везара. Шайн доьзална хиллачу берриг а бохамашна и шиъ бехке вора цо. И шиъ а, оьрсийн Iедал а. Цкъа хьалха и шиъ а вийна, тIаккха шен йерриг а оьмарехь Iедалх бекхам эца безара цо. Зеламха набахтера ведча, кхеравелла Чернов, Веданара ведда, Несаре балха вахара. Амма ша Веданара дIавадале жимачу йоIаца Муслиматца цхьаьна Беци кхаа баттана Ведана набахти чу йоьллира Черновс. Амма иза гена ца ваьллера. Ткъа Добровольский хIинца а Веданахь ву. Стигала ваьлча а, лаьттах воьлча а, Зеламхин тоьпан дIаьндаргах кIелхьарвер вац и шиъ.

3

Хулхулон чIожахула, хин аьтту агIонца, тIулган бердашца сетташ, хьийзаш хьала-охьа бу Ведана боьду некъ. Маситта шо хьалха паччахьан ваша, Кавказан наместник, кхуза вогIу аьлла, баккхийтина иза. Россера говза инженераш а балийна, Нохчмехкан йарташкара нах шайн ворданашца кхуза лоьхкуш, цаьрга маьхза болх бойтуш.

Оцу некъана шинне aгIop тIекхозаделла тIулган лаьмнаш, тархаш, басеш дIахьулйина кхиъна бIешерийн къена хьаннаш йу. Хьежарх ца кIордош, хаза хуьлу бIаьста а, аьхка а, гурахь а кхузара и исбаьхьа Iалам. Нежнаш, пепнаш, маьънаш, акхтаргаш, гIаргIеш, таьллаш. Акха кхиъначу хьорматийн, Iежийн, кхорийн, хьаьмцийн, элхьамчийн, кхечу дуккха а стоьмийн дитташ. БIаьстенан йуьххьехь, дитташа заза доккхучу хенахь, бес-бесара къарзло и хьаннаш. ЦIен а, кIайн а, можа а, сийна а, баьццара а – тайп-тайпанчу беснашца.

ДIа ког мел баьккхинчохь тIулган лаьмнех схьаIена сирла, ша санна, шийла шовданаш. Лаха когашка кхаьчча, Хулхулох дIакхета уьш. Хулхуло а ду сирла. Дукха сирла хиларна, Iаьржа бос а бетталуш. Амма

лаьмнашкахь догIанаш даьхкича, буьрса деста иза. Къена дитташ бухдохуш, даккхий чхернаш керчош, хьере догIу иза, аренга нийсачу даьлча, чехка йеана кIадъелла говр санна, болар лагIдой, меллаша малхбузехьа дIашерша.

Оцу чIожахь, некъо голатухучохь, цхьана торха тIехь хиъна Ia ши жимастаг. Кхузара дIа гена гo Ведана хьала а, охьа а лела некъахой. Шинна хьалха тIулган чIопачу экъан тIе охьайехкина йу йохийна сискалан ах а, нехчин межарг а, цIен ши хох а, бехчалга йуккъе хьарчийна гIopгIа туьха а, кхийран жимачу чIижалга чохь хи а. И шиъ сутара тасавелла оцу бекъачу кхачанах. Цаьршиннан мацваларе хьаьжча, и шиъ кхузахь волу дикка хан йу. Кхача бууш велахь а, цаьршиммо сих-сиха бIаьрг туху Веданара охьабогIучу новкъа. Геннахь ворда, гIудалкх гучуйаьлча, бIаьргаш тIе турмал а лоций, хьожу.

Шинна а улло охьайехкина пхоьазза йолу карабинаш йу. Некха тIехула морзахйохуш тийсина патармийн гIаьпнаш а, хаьн тIехь тапчанаш а, шишша бомба а йу, детица кхелина шаьлтанаш а йу.

И ши жима стаг цхьана хенара велахь а, цхьаъ воккха хета. Дикка хенахь урс хьакхадалаза корта а, маж-мекх а дахделла цуьнан, цара хенал воккха хоьтуьйту иза. Цунна тIехь тужурки тIехула дуьйхина нохчийн чоа а, коьртахь кхакханан месала куй а, когахь чухула маьхьсеш йуьйхина неIармачаш а йу.

ШолгIачун маж цIена йаьшна, амма хаза тодина месала мекхаш ду. Цуьнан коьртахь лохочу кепехь бина боьмашчу басахь холхазан куй бу, ткъа дисина духар йевропахойн ду. Хьалхарчун йехо йуьхь а, аьрзун зIакарх тера хьаьвзина, дукъ тIедаьлла боккха мара белахь а, шолгIачун цIен бос бетталуш, горга кIайн йуьхь йу. Йуьхь-сибат а, васташ а хаза, дeгI куьце ду цуьнан, тIе мехкарийн духар дуьйхича, хазачу йоIах а тарлур волуш. Хьалхарниг хабаре ву, ткъа шолгIаниг наггахь бен вист ца хуьлу, ша вистхуьлуш а йуьхь цIийло цуьнан.

И шиъ Йоккхачу АтагIара ву. ШолгIаниг ТIамин Аюб ву, Зеламхин уггар тешаме накъост. Цунна дика оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хаьа, цундела Зеламхин писар ву иза. Дуткъачу, элдарчу дегIара эсала Аюб майра а, оьзда а, доьналле а кIант ву.

– Iуьйрре дуьйна кхузахь хиъна Iийна, дeгI тхьусдоьлла-кх сан, – элира мажйаьллачо, чIижалг хьала а лаьцна, хих масех къурд а бина. – Бедарш а тIунъелла. Ткъа вайша ларбийраш гучубовлуш а бац. ХIинца а ца баьхкина, уьш маца богIур бу, Аюб?

– МаьркIажан хан хиллалц ладогIа деза вайша.

– И вайша кIелхьарваккха везарг ван мукъана а мила ву?

– Ца хаьа суна.

– Мичара ву иза?

– Ца хаьа.

– ХIета, сох къайладаьккхина ду-кх иза, – дегабаам бира мажйолчо.

Аюб цигаьрка хьарчо вуьйлира.

– «Хаац» боху дош дашо ду олуш, хезний хьуна, Абубакар? Вай санначу берзалошна далийна кица ду иза. Амма кхузахь цхьа а тайпа къайле йац. Вайша кIелхьарваккха веза жима стаг мила ву а, мичара ву а, ца хаьа суна. Селхана шена тIе а кхайкхина, Зеламхас элира соьга: «Аюб, кхана Ведана гIопера охьа Соьлжа-ГIала набахти вуьгур волуш цхьа жима стаг ву. Хьайца тешам болу цхьа накъост а вигий, новкъахь кIело а йай, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тIе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.

– Тоьуш ду. Ха деш салтий дукха хир буй-те?

– Хьуна маса хила лаара?

– Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй-те вайша?

Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кIур чу а тоьхна, велавелира.

– Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оьшура!

– ХIета ас, охьа а вижина, парггIат садаIа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.

ХIара шиъ къамеле ваьлла Iаш, геннахь говрийн гIудалкх гучуйелира. Аюба турмал лецира бIаьргаш тIе.

– Вайшиммо ладоьгIурш гучубевли, – элира цо. – ГIудалкха тIехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.

– Турмал соьга лохьа! – куьг дIакховдийра Абубакара.

Турмал шега схьа а эцна, бIаьргаш тIе а лаьцна, лерина хьежа вуьйлира иза.

– ОхI! – мохь белира цуьнан.

– ХIун хилла?

– Тутмакх, гIудалкхана тIера чу а иккхина, ведда!

Аюба шега схьаийцира турмал.

Ши салти веддачунна тIаьххье бердах чутилира. Кхин а ши салти, гIудалкха тIера чу а воьссина, берда йисте дIахIоьттира, тоьпаш а йуьйлина. Цхьа масех минот йалале цара бердах хьалаваьккхира ведда нохчо. Цкъа-шозза тоьпан бух а тоьхна, айъина, гIудалкха чу тесира цара иза.

Поделиться с друзьями: