Йеха буьйсанаш
Шрифт:
– ХьастагIа Соьлжа-ГIала меха ваханчу хенахь сан хьешаша дийцира соьга цигахь вайн берашна деша йиллина оьрсийн хьуьжар хилар. Цара ишкол олу цунах. Цигахь Iамориг оьрсийн Iилма ду. Воккхахволчу кIантах Асхьабах-м Iилманча хир вацара, Петарбухе вахийтича а. Иза сайца туьканахь а сацийна, важа, жимахверг, цига деша дIавала сацам хилла сан. Ахь хIун олу цунна, Iоса?
– Iаламат дика хир ду! Сан а делира цига дIадала бераш, ас минот йоккхуьйтур йацара цаьрга цIахь!
– Ловдин кIант ваийтахьа сайчуьнца.
– ДIаваьллахь! Суна лууш ца хилча-м, хIуьттаренна а вохуьйтур вара цо иза, амма, суна лаьий хиъча, цига ца вахийта, цунна урс хьокхур дара цо! И гIуллакх дика дагадеана хьуна, ХортIа.
Хьийзош йуккъедевлла деза суьлхьанаш хьарччийна буйна а доьхкина, кIегархиира Шахьби. ТIай тIе гIортийначу
– Хьуо Делах ваьлла-м дукха хан йара хьо, хIинца оцу берах а мунепакъ ван ойла йу хьан? – тIечевхира иза ХортIина. – Вуьшта, дуьйцу хезча а, иэхь дац иза? Керстанан кара бер ло, ша хьера ца ваьлча?
– Шахьби, ас хьоьга хоьттуш хIумма а дац, вист ца хуьлуш Iехьа.
– Соьга хоьттуш хIума хьан хIунда дац? Кху йуьртахь дин латторах, шарI латторах Далла хьалха жоп дала дезарг со вац? Хьо, велча, лийчо везарг, дIаволла везарг со вац ткъа?
– Ой, сол тIаьхьависа а ойла йу хьан? – велавелира ХортIа. – Хьайна ши-кхо аьрша маша йа цхьа шекаран корта белчхьана, ахь-м хьакха а лийчор йарий-ц!
– Забар – забар йу, ХортIа, амма цхьадолчу хIуманаш тIехь Шахьби хьоьга бакълоь, – гIуллакх забарна тIера дIадала доллийла а хиъна, маслаIатна йукъавуьйлира Товсолта. – Гирзаш даьллачу цхьана уьстагIо жа талхийна, бохуш ду. Хьан кIант ахь керстанийн буйна дIавелча, иза, бусалба динах а, нохчийн гIиллакхех а хаьдда, цIа воьрзурий-те, бохий цо-м. Харцахьа ма ийзал ахь.
– ХIай-хIай! Керстанний, бусалбанний йуккъехь цкъа а хир бац машар. Вайн дай, йижарий, вежарий, доьзалш байъинчу, вайна xIapa дуьне къийдинчу оцу Делан мостагIийн кара Iамо доьзалхо ло ткъа? – мохь хьоькхура Шахьбис.
Томкин кIуьро маждинчу сирделлачу мекхех куьг а хьоькхуш, вист ца хуьлуш, девне ладоьгIуш, тевжина Iен Iоса охьахиира.
– Хьо харцлоь, Шахьби, – цуьнан белша тIе дайн куьг туьйхира цо. – Цхьана aгIop-м, бакълоьра хьо, амма, дIа ойла йича, харц ву. Вайн мохк дIалоцуш оцу оьрсашна гIо диначу кIеззигчу нахах цхьаъ ву со. Дуьххьара цаьргахьа ваьлларг со хила а мега. Со царна тIевоьдуш а ца безара суна уьш бIаьрга бан, хIинца совхе а ца беза. Амма, эз-эзар шерашкахь вайн къам дахарх, уьш вайн кочара бевр бац. Суна уьш кху aгIop ма-гIоьртти хиира цаьрца вай ларор доцийла, шена дуьне дезарг цаьргахьа хила везий. Вай цхьадолчарна тоьлург, оьрсаша куьйгаш тоьхча, хелха а дуьйлуш Iер ду. И цахуург кхоччуш Iовдал ву. ТIехула тIе, Шахьби, хьо кийрахь жимма вехко хета суна. Цкъа марах даьрий-те хьуна и? Ас ца элира олу дац вайн. Шу дерриш а сан йуьртахой хилла ца Iаш, йиш-вошалахь нах ду. Оцу наха, шаьш керстанашца ларадахь, вай а дуьтур дац кхоийна. Цул, xIapa девнаш ца деш Iap тоьлуш хир ду. Ас бохург аш дой, кху йуьртана тIе а хевшина Iийр ду вай, амма и дан ца лаьа-кх шуна, нах вайна тIе ховшур бу.
– Делархьана, хаа-ц суна-м, хIокху Шахьбис сайга хIун де боху, – дегабааме хилира ХортIа. – Сайн доьзалхо виэн а, ваккха а – сайна луъург дан бакъо йац сан? Далла хьалха ас жоп ма ло цунах. Суна биэн а дац Iедал керста нехан хилча а, жуьгтийн хилча а, иза сайна аьттоне хилчахьана. Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешийтича, хIун хир йара сан кIантах? Йуьртан молла. Нехан закаташка са а туьйсуш, беллачийн тIелхигаш а лехьош, лелар ву-кх иза. Оьрсийн школехь дешча, сан кIантах эпсар хир ву. Мичча хенахь суна а, шуна а тIетовжа гIовла. ТIехиндолчун ойла йел аш!
– Со шек ца волу, суо, йоккхачу тоьпа а воьллина, мархашка кхоссарх, – вехьара Шахьби. – Иэхь дац шун, йахь йац шун. Дегнаш дац шун. Вайн дай, йижарий, вежарий байъина, вайн махках чим бина, вайн йаьIни тIе хевшинчу оцу Делан мостагIийн йалхой лела Делах а, нахах а иэхь ца хета шуна. Цара-х вай бIаьн некъал лаха довла ца дуьту. Цара-х, дага йуккъера мохк дIа а баьккхина, кху дийнарг ца кхуьучу кIажа а дерзийна, вайн къам хIаллакдеш лаьтта, уьш-х вай керста дине дерзо гIерта!
– Ой, оццул цаьрга безам боцуш хьо хилча, цкъа топ кхоьссина а, царна дуьхьало ма ца йира ахь? – Iоттар йеш, велавелира Ioca.
– Сан декхар шарI кхайкхор ду!
– Дера, ду, Шахьби, ахь дуьйцург а шалха хабар. Нах мацалла леш бу, боху ахь, ткъа хьуо, масех урд латта дола а даьккхина, дийнна бажа даьхний керта а лаьллина, Iа. Нах Iедална
дуьхьалтоьттуш, хьайна йуьстах Iан лаьа хьуна. Нахана цIий а догIуш, хьуна шура хир йац. Цулла а, IадъIе, диканиг, Iедало хьайга боххург нахе дIа а кхайкхош. Оцу хьан багано ваьхьна Сибрех тасахь, цхьана а Далий, диной цIаверзор вац хьо.Шахьби, дуьхьало йан ца хIуттуш, дIатийра. Тховсалера дов дуьххьара дац йуьртан дайшна йуккъехь. Iедална хьалхахIоьттича, кIеза санна, хьесталахь а, Шахьбина валлал ца безара оьрсий а, цара деана керла Iедал а. Багахь хIуъу бахахь а, хьалхалера маршо йац. ДIадолийна динан муьлхха гIуллакх, Iедална дуьхьал а лорий, молланаш хьийзабо. Дан мел могуьйтучунна сиз а хьаькхна, цул тIехваьллачун Iожалла Сибрех хир йу, аьлла цаьрга сардало. Цхьа а де дац тешам болуш. Бакъду, Iедало боххург деш Iийча, гай тIе мIараш хьоькхуш, таккхал вехийла-м дара. Кху Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо дуккха а молланаш кхетаме балийна. Уьш кхиъна шайн некъ оьрсийн Iедалца хиларх. Амма Шахьби кхета тигац. Паччахьан Iедал мел дика делахь а, цунна гергахь иза керстанан Iедал ду, ткъа керстанаш цкъа а шайца машар хила йиш йоцу бусалба динан мостагIий бу, боху цо. Церан Iедало лаьцна вигна цуьнан устаз Киши-Хьаьжа. Шелана уллохь байъина Киши-Хьаьжин уггар тоьлла мурдаш. Сибрех хьовсийна Нохчийчуьра уггар баккхий молланаш. ХIан-хIа, Шахьбин цкъа а машар хир бац керста Iедалца. Машар хир бац цунна муьтIахь болчаьрца а. Амма кхин тIехваьлла хIума дан ницкъ а бац-кх.
Оцу буса оццул хаза къийрина са кхолийра тIаьххьа йукъадаьллачу гIуллакхо. Цул тIаьхьа, мел гIертарх, къамел ца дозаделла уьш, хIусамден Iодика а йина, арабевлира…
V корта. Муц
I
ин
I
oca
Шовзткъа эзар тIемало хьайца валош,
Тхан махка хьо веача, сардал-ахпаччахь,
Беккъа цхьа нохчаша – болатан дегнаша –
Дуй биира тIаьххьарниг кхаччолац лиэта.
Шайн йуькъачу хьаннашкахь вохийна цара,
Кхолламо иэхь дина, хьо цIехьа вирзира.
Шорта бу Нохчийчохь къонахий майра,
Шайн дуйнна, шайн дашна тешаме нохчий,
Набарна буьйшуш а йукъах герз ца достуш.
Мел буьрса ду церан терс-маймал тарраш,
Ткъа дой ду ламанан лечанал маса…
Мохьмад-бек Аварский
1
Гати-Юьртахь уггар къеначу нахах цхьаъ а, оцу заманахь йерриг Нохчмахкахь цIейаххана вевзаш а стаг вара МуцIин Ioca. Бакъду, Iосин цIе йоккхучо иза неIалтаций бен ца йоккхура.
ГIеза-Махьма имам валале жимма хьалха, Нохчийчохь цхьа а шайх воцчу хенахь, нахана мичара веана а, мила ву а ца хууш, шеца кхо накъост а волуш Яьссица хьала Гати-Юьрта веара зоьрталчу дегIахь, шовзткъе итт шо хенара, йуьхь тIехь цIен бос богуш безамехь стаг. Цо буьйцург гIумкийн мотт бара, амма цунна улло ваьллачу кхаа нохчочо чIагIдора, цо буьйцург туркойн мотт а бу, и схьаваьлла меттиг хууш стаг а вац, Нохчийчохь шарI кхайкхо Дала ваийтина эвлайаъ ву иза бохуш.
Гати-Юьрта а воьссина, кхузахь иза нахе шеца тобанаш дайта ваьлча, цхьа Ioca воцург, берриш а, цунна резахилла, тIаьхьахIиттира. Реза ца хуьлийла а дацара. Цкъа-делахь, Къуръан тIера цхьацца айаташ а далош, цо бохура, ша аьлларг дина, шена тIаьхьа ца хIоьттинчу стеган дуьне а, эхарт а декъаза хир ду. Цо дуьйцура, вай керста дине дерзо, вайгара xIapa мохк дIабаккха ойла йу оьрсийн паччахьан, бусалба дин а, маршо а йезарг, шена тIаьхьа а хIоттий, гIазотана гIовтта бохуш.
Амма МуцIин Ioca кхеро дуккха а адамаш ирхъохка дезара.
– Ма Iехадайта шаьш оцу шуьйра шарбал йолчу гIумкичуьнга. Иза эвлайаъ а вац, йа цунна хууш хIума а дац, дIаэккхаве иза кхузара! – бохуш, йуьртахошка кхойкхура Ioca.
Амма йуьртахоша Ioca тергал ца вира. Итт шо дара, Теркаца гIаьпнаш йоьгIна, оьрсийн паччахь Нохчийчу гIерта. Гати-Юьртана генадоццуш, Iамархьаьжин йуьртахь а, Таьшкичохь а, гуттар йуххехь – Гезлой-Эвлахь а, лаьттара паччахьан эскарш. Шаьш диканиг ца дохьийла цара хьалххе хаийтинера. ХIинца а нехан лерехь декара Ярмол-инарлас йагийначу йарташкара зударийн, берийн маьхьарий, хIинца а кIур туьйсуш йара Соьлжан йистонца цара йаго йарташ, хьаннаш. Гати-Юьртахой теша кийча бара, хьаъа хIуъу аьлча а. Цара догдохура Делан орцане, ткъа и орца, мичара дели ца хоуьйтуш, цо кхиийра царна.