Йеха буьйсанаш
Шрифт:
Шена дуьхьалваьллачу мунепакъах, Iосех, бекхам оьцуш, Ахьмат-Толлехь лаьтта цуьнан кIен paгI йагийра Ташу-Хьаьжас. ТIаккха кхин тIе а оьгIазваханчу Iосас, ГихтIа а вахана, цигарчу нахе орца элира. Амма орцанца йухавеана Iоса шен мостагI, Гати-Юьртара дIа а ваьлла, дуккха бартахошца Сесана-Коьртехь чIагIвеллачу кхечира.
Цаьршинна йуккъера мостагIалла, де дийне мел дели чIагIлуш, марсадуьйлура. Де дийне мел дели, Iосин тоба лахлора, Ташу-Хьаьжиниг стамлора. Цхьа-ши шо хьовзале Ташу-Хьаьжа, шена тIаьхьа масех бIе мурд волуш, Нохчмахка ондда ког тесна дIахIоьттира, ткъа Iоса цхьалха висира. Бакъду, цаьршинна йуккъехь тIом бацара.
ГIеза-Махьма вийра. Амма Ташу-Хьаьжас
ТIом болчу хенахь динарг хIуъу а мегаш ду. Ташу-Хьаьжина дагавеара шен шира мостагI Iоса. КхидIа а Гати-Юьртахь висар шена кхерамехь дуйла хиъна, Iоса доьзалца ведда Таьшкичу-гIопе вахара.
Цигахь лаьттачу эскаран эпсаршца гергарло тасаделира Iосин. Цунна ницкъ оьшура ша винчу йуьртах ваьккхинчу мостагIчух бекхам эца. Цо сатийсина де тIекхочуш лаьттара. Iосин хьекъалечу коьртана гуш дара оьрсий тоьлург хилар. Дагестанера наггахь йурт бен йацара Шемална тешаме. Малхбале Нохчийчуьра цхьакIеззиг йарташ бен йацара, Ташу-Хьаьжина тIаьхьа а хIиттина, Шемална гIо дийраш. Оцу тIаьххьарчу шерашкахь Ташу-Хьаьжина дуьхьалбуьйлура Iоса тайпа халкъан бала боцу нах.
Цхьана дийнахь Iосина хезира, Гати-Юьрта уллохь, Ахьмат-Толле олучу меттехь долчу шен кха тIехь Ташу-Хьаьжа гIап йугIуш ву аьлла. Иза цо хIуьттаренна до, бохура Iосин даго. ХIетахь паччахьан эскарехь урядник волчу цо, Внезапни-гIопе а вахана, инарлега Граббега дийхира лам чу йечу походехь шега дакъалацийтар. Iоса дика вевзара инарлина. Цунна хаьара, иза шен халкъах хаьдда ваьлла стаг вуйла. Ткъа иштта нах паччахьан инарлаша, лоьхуш, лехьабора.
1839-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь паччахьан эскарш хьала а далийна, Ахьмат-Толлехь чIагIвелла Ташу-Хьаьжа а вохийна, цуьнца Гати-Юрт сийначу цIарах йагийра Iосас. Оцу тIехь бекхам сацийтинехь а мегаш дара. Амма цкъа цIийн чам хиъна экха цIий муьйлуш бен магац. Ioca дог тийна Таьшкичу вирзира, цул тIаьхьа кхо бутт баьлча, августан 29-чу дийнахь, инарло Граббес Ахульго схьа а йаьккхина, шена тIаьхьа цхьа а мурд воцуш, Шемал ведда Бена вахча, цунах дIакхийтира Iосин уггар луьра мостагI Ташу-Хьаьжа.
Дуьненна а моьттура, Кавказан тIом чекхбаьлла. Паччахьна дуьхьалйевлла Нохчийчоьнан, ламанан Дагестанан йарташ когаш кIел йара, ведда вахана имам нохчийн хьаннашкахь лечкъаш лелара. Дагестанхой, паччахьна муьтIахь хуьлуш дуй а биъна, кIелсевцира, ткъа Нохчмахка, чевно дожийна экха санна, цкъачунна дIатийра.
Амма 1840-чу шарахь йерриг а Нохчийчоь паччахьан Iедална дуьхьал гIеттира. Йуха а экспедицеш йолийра Нохчмахка, йуха а оьрсийн отрядашна хьалхавуьйлура МуцIин Ioca.
Iосин дуккха а гергара нах бара. Гати-Юьртахь шиъ ваша а, цхьаберш зударий балийна, бераш долуш пхи кIант а вара шеца Таьшкичохь.
Iосас йечу йамартлонаша йуьхьIаьржа хIитто цуьнан вежарий шайн ницкъ ма-кхоччу иза виэн гIертара. Амма церан аьтто ца болура паччахьан гIопехь Iен ваша виэн. ТIамехь а аьтто ца болура цунна тIекхача. ТIаккха шина денвашас шайн вешин берашка дIахьедира, шайн да виэй йа иза дIатасий, шайна тIедуьйла, йа, шайх а, диначу йуьртах а, халкъах а хадий, нехан неIалт тIехь гуттаренна цигахь совца аьлла. Дений, кIенташний йуккъе мостагIалла хIоьттира. Бераша бохучунна тIе ца воьрзура да. И виэн ца лаьара кIенташна. Эххар а, иза дIа а тесна, Гати-Юьрта а баьхкина, охьахевшира уьш.
Цкъа ша паччахьан эскаршца рогIехь тIелатар дича, йуха а Гати-Юрт йагийра Iocac. Эскарш йухадевлча, цIа бирзинчу нахана чим хилла йаьгначу йуьрта йуккъехь цIеран суй
хьакхабалаза лаьтташ Iосин шина вешин а, веа кIентан а цIенош карийра. ПхоьалгIачу кIентан, зуда йалозчу Дакашан, шен цIенош дацара. Гуобаьккхина хезара оцу тIелатаро дай-нанойх, йижарех-вежарех баьхначу зударийн, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш, оцу эрчоно Iадийначу хьайбанийн Iехарш. Бист ца хуьлуш, Iосин вежаршкий, берашкий оьгIазе хьуьйсура йуьртахой.«Къонахий ду шу? Массо тIамехь хьалха, уггар кхерамечу меттехь ву шу ворхI. Амма хIунда ца доь аш и шайн йамарт, стешха жIаьла?» – бохура царах хIораннан а хьажаро.
– Iожа, соьга кхин садетталац. Соь лалац xIapa иэхь… – элира пхеа вешех жимахчу Дакаша шайн воккхахчу веше. – ХIунда ву вайн иштта йамарт да?..
Дакаш вилхира. Боьхна лаьтта уьш а битина, эвлах бевлира йуьртахой. Дукха хан йалале, царна гира йуьртахь дисина йалх цIа догуш. Иза Iосин вешин Мидин болх бара. Уггар хьалха шен цIийнах, тIаккха вешин Мусин, цул тIаьхьа шен вешин берийн цIенойх цIе йиллира цо.
– Бакъ дац хьуна моьттург, Iоса. Йуьртахой боьлхуш, ткъа хьан вежарийн, берийн доьзалш боьлуш хир дац хIара. Йуьртахойх девлла, даха меттиг бац тхан, – элира Мидас, йогучу цIергахула дIа Яьссица охьа а хьожуш.
2
ЦхьакIеззигчу бахьано, кIадбоцург хеталучу хIумано адамийн кхолламехь йоккха меттиг дIалоцуш хийцамаш беш меттигаш дукха хилла дуьненахь.
Цхьана легендо дуьйцу, мацах цкъа цхьана буса румой чIогIа набарш кхетта бийшина Iохкуш, галлийн эскарш Капитолин пенаш тIе хьаладуьйлуш, гIезаша хьаькхначу маьхьарша румой сама а баьхна, Рим йохочуьра йаьлла бохуш.
1815-чу шеран июлан 18-чу дийнахь Ватерлоохь хиллачу тIамехь Наполеон эшийнарг а, Веллингтон толийнарг а Наполеонна буйла ца хууш бисина, цунна и меттигаш йовзуьйтуш хиллачу ахархочунна бицбелла шерачу арара боьра а, хьалхарчу буса цIеххьана дилхина кIеззиг догIа а ду бохуш, дуьйцу.
Хийла йуьйцу хезна 1845-чу шарахь лаьмнашка графо Воронцовс йина поход. Исторехь, «Сухарийн экспедици» йа «Даргински поход» аьлла, ши цIе йахана цуьнан.
Цхьанне а ца хаьа, оцу походехь мацалла дала ламанхойн гуонна йуккъехь дисина Воронцовн эскарш дуьззина хIаллакьхиларх йа нохчийн йийсаре дахарх кIелхьардаьхнарг МуцIин Iоса хилар.
…Нохчийчохь хиллачу гIаттамо ткъа шарна йухаболийра Кавказски тIом. Ахульгохь велла имам йуха а денвелира. Паччахьан инарлийн гIуллакх кхиам боцуш дIадоьдура. Дуьххьарлерчу пхеа шарахь масех наместник хийцира Кавказехь, амма толам гуш бацара. ТIаккха Николай I-чо, Кавказан наместник вина, цига хьажийра Красни уллохь Наполеонна тIехь толам баккхаза висина бохуш вуьйцу 1812-чу шеран тIемийн гIараваьлла турпалхо граф Воронцов. Николай I-чо цунна тIедиллира, «Шемалан гIеранаш йоха а йай, цуьнан мехкан дегайуккъе а гIой, цигахь чIагIло» аьлла.
Массо а тешна вара паччахьо шена тIедиллина декхар инарла-адъютанто Воронцовс нийса кхочушдийриг хиларх. Цундела, иза Петербургера схьаволуш, цунна тIаьхьахIиттира нохчийн хьаннашкахь чинаш а, совгIаташ а лахьо ойла йолу столицера дуккха а дворянийн кегийраш. Цуьнца Кавказе веара императрицин ваша, немцойн принц Александр Гессенский. Цунна лаьара графо Воронцовс акха ламанхой хIаллакбеш а, церан баьчча схьалоцуш а хьажа.
Кавказе кхаьчча, ша дагалаьцначу походна пхиъ эскар кечдира Воронцовс: Нохчийн отряд – коьртехь инарла Лидерс волуш, Дагестанан отряд – инарла эла Бебутов коьртехь, Самурски отряд – коьртехь инарла эла Аргутинский-Долгоруков волуш, Лезгински отряд – инарла Шварц коьртехь, Назрановски отряд – инарла Нестеров тIе а хIоттош.