Чтение онлайн

ЖАНРЫ

Шрифт:

ХIаъ, доьхна де дара иза имамна. Итт эзар салтичо гуо бинера Гуниб ломана. Ткъа оцу тIехь Шемалца вацара пхи бIе стаг бен. Лома кIел лаьттачу эло Барятинскийс и имам дийна шена тIевалийнчунна совгIат кхайкхийнера. Элаца вара тIеман суьрташ дахка веана Мюнхенера художник Гершельт. Кхехкачу тIамехь гоьбевлла эпсарш кхуззахь чинна лакхабохура. Эзар туьма совгIате сатуьйсу салтий, хьерабевлча санна, ломаца хьалагIертара. Церан дегнаш айъа, коьртакомандующис чов хиллачу xIop а салтичунна цхьацца туьма ахча лора. Ткъа имаман мурдаш лахлора xIop а минотехь. Леташ йолчу цхьана тобанна тIехь куьйгалла деш йара Юнусан зуда – жуьгти Зайнап. Виснарг виъ бIе мурд, йиъ йоккха топ бен йац. Ткъа деха ламеш, машшаш, эчиган мIаранаш карахь хьалагIерта Апшеронски полкан салтий, йаххьаш къаьсташ, гергахь бу. Арахьара кхиа гIo дац. ТIом Дагестанан махка баьлча, имаман кхузара наибаш, цхьа топ

ца кхуссуш, бевдда паччахьан инарлашкахьа бевлла. Цхьана а йуьрто дуьхьало ца йира эскаршна. Кхузара бевдда дуккха а. Мурдашна бала ца лаьа, царна машар беза. Машар бийца эла волчу тешаме нах бахийта бохуш, тIегIертара уьш. Амма Шемала дуьхьало йира, шен кIанта ГIеза-Махьмас деххалц. ТIаккха са ца тохаделира. Цо сардална тIевахийтира Чиркойн Юнуссий, Чохойн ХьаьжIелий. Доцца кехат йаздина: «Сардале эле Барятинскийга. Дала Iалашвойла нийсачу новкъа воьду стаг. Нагахь ахь суна а, суна безачу нахана а Макка баха некъ лахь – вайна йуккъехь машар бу, ца лахь – хир бац». И кехат эцна вахана шиъ йухавеара, имаме шена тIевола боху сардало аьлла. Цаьрца баьхкира полковникаш Лазарев а, Къурмин Къосам а.

Йийсаре ваха имаман сацам хилла баьллийла хиъча, шен цхьана кога тIе хьалаиккхира буьрса БойсагIар. Чевнаша йеринчу йуьхьа тIехь, седа санна, богура цхьаъ бен боцу бIаьрг.

– Хьайн сацам хийца, имам, хьайн сийлахь цIе йайъа воллу хьо! – къаьхьа мохь белира цуьнга. – Тхо дийначийн хьовха, беллачу тIемалойн а сий дайъа воллу хьо! И дойла йац хьан!

– ХIан-хIа, БойсагIар, и ца дича далац. Наха доьху соьга. Зударий а, бераш а эрна хIаллак ма хилийта, боху соьга…

– ХIун элира ахь? – шен цхьаъ бен доцу аьтту куьг шаьлтанан макъарна тIе а диллина, кхоссавелира БойсагIар. – Эрна хIаллакьхир ду, тов! Кху ткъа шарахь хIаллакьхилларш дацара адамаш? Эзарнаш! БIе эзарнаш! БIаьрг тохал Нохчийчу! Шо хьалха, стохка, массо хенахь цунна тешаме хила, иза тесна ца йита, хьо дийна а волуш гаурша и дIалоцур йац бохуш, дуйнаш биънарг хьо вацара ткъа? Йицйелла хьуна айхьа тхуна йина чIагIонаш? ХIокху шайн лаьмнийн лакхенгара дIа бIаьрг тохал цига. Делах санна, хьох тешначу, хьуна доггах тIаьхьабаьзначу, хьо ларвеш сийлахьчу тIамехь эгначу майрачу кIентийн баьрзнаша аьхна Нохчийчоьнан латта! ХIинца а йогуш йу иза, Iаьржа кIора хилла цунах! ЛадогIал, хезий хьуна, цигахь беллачийн декъаш тIехь боьлхучу зударийн тийжарш, байлахь дисинчу берийн белхарш, иэшаро иэхь дина, тIедогIучу олалло собарх баьхначу дийна бисинчу хьайн тIемалойн узарш? Халкъ тешара хьох, и тIаьхьахIоьттинера хьуна, ткъа оццул хьо веза лелийна халкъ холчахIоьттинчу дийнахь, и дIа а тесна, хьо хьайн са дадийна воьду!

Имам лаьттан бIаьра вогIавеллачохь висинера.

– ХIаъ, БойсагIар, Нохчийчоь йаьгна. Иза йара со кога вахийтинарг. Шун нохчашна, шун наибашна тIетийжаш, идийра ас xIapa ткъа шо. Шун халкъ къар ца делла гауршна, иза кIадделла, цуьнан ницкъ бац дуьхьало йан. И хиъна шун наибаш кхушара оьрсашкахьа бевлира. Хьо цхьаъ тешаме висина суна, сан майра БойсагIар. ТIом шайн махка баьлча, дагестанхойн йарташ, дуьхьало ца йеш, муьтIахь хилла, кIелсевци гауршна. Церан наибех соьца висинарг Iаьндойн Дибир, хунзахойн Дибир, СогIратIлара Нурмохьмад а бен вац. Вуьш, оьрсашкахьа а бевлла, суна дуьхьал тIом беш бу. Со дийна йа вийна шена тIевалийначунна эзар туьма ахча кхайкхийна цо. Йа вуьйр ву цара со, йа йийсаре лоцур ву. Цул, сайн лаамехь со тIевахча, тоьлашха хета… Халкъана къинхетам беха…

– ХIан-хIа, ахь и дийр дац! – тIечевхира БойсагIар цхьа шо хьалха буьрса имам хиллачу, ткъа хIинца гIорасизчу Шемална. – Кхузахь герз буйнахь летта вала веза хьо! Хьо вацара ткъа тхуна сийлахь гIазот кхайкхийнарг? Хьо вацара ткъа исламан дуьхьа керстанех леташ Iожалла тIеэцнарг Дала даржехь лакхавоккхур ву, кхеравелла, кара а вахана, царна муьтIахь хилла кIелсецнарг жоьжахатин цIергахь вогур ву баьхнарг? Иштта хьехамаш ца бора тхуна хьан Iеламчаша? Ахь а, хьан наибаша а ца олура ткъа тIемалошка, вешан Даймохк гаурашна дIалучул, летта далар гIоли йу вайна? ХIета, ахь а, хьан Iеламчаша а адам Iехош хилла-кх? Стешха кIиллой хилла-кх шу? Iожалла тIе ма-гIоьрттинехь, хьан Iеламчаш а, хьан хьоме наибаш а, куьйранах йевдда котамаш санна, бевдда гауршкахьа бевли! Хьо а царна тIаьхьа дIахьаьддийца! ХIинца дицделла шуна шайн халкъ а, шайн латта а, шайн дин а. ХIан-хIа, Шемал, хьо гIyp вац гаурийн кара! Тахханалц кху лаьмнашна хьо вевзара майра бIаьхо, тешаме кIант, хьекъале баьчча санна. Ткъа турпалш дийна йийсаре ца боьлху. Нагахь хьо мостагIийн карагIахь, Iаьржа кепек мах бац хьан! Кху лаьмнаша, шаьш мел лаьтта, неIалт кхайкхор ду хьуна!

– Эрна хабарш хIунда дуьйцу вай, БойсагIар? – халла хезаш

вистхилира Шемал. – Вешан догIмаш инарлин карадалар ма тоьлу вайна, тIаккха паччахьо къинхетам бийр бу вайх. ХIокху бехачу тIамо со а гIелвина… Дерриг чекхдаьлла хIинца… Со летта валарх, хIун нислур ду? Дерриг эрна ду. Со воьду, БойсагIар…

– Имам!

Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дугIуш, оьрсашкахьа дIаволавелира.

– Йухаверза, Шемал, ас Делан цIарах нажжаз во хьо! Дохковала, имам! Ма диэ иэхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан неIалт!..

Амма Шемала ла ца дугIура. Цунна хьалха дIахIоттийра цуьнан хьоме сира дин. Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дегI. Хьаьдда тIевеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, дIаозийра дин. Йуьрта йисте кхаьчна, охьа чухьаьжча, имамна гира оьрсийн эскаршца лаьтта дагестанхойн отрядаш а, элана Барятинскийна уллохь лаьтта селханлера шен гергара наибаш Донго-Махьма а, Iандалалски Хосро а, Елисуйн Дениел-бек а, шен мутаIелам, доттагI, хьехамча хилла Iаьмархан а, ТIилитIлара Кибит-Махьма а, кхин дуккха а. Берриш а – селханлера цуьнан доттагIий. Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш тIехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъIабар а, йоккха гIайгIа а.

– И бусалбанаш аш сан бIаьргашна гучуьра дIа ца бахахь, со дIа ца вогIу! – элира цо сацамболлуш.

Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна дIабехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а. Лазаревс говран урх дIаозийра. Шемална тIаьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг…

Ткъа БойсагIар, кху лаьмнашкахь виначу уггар майрачу, уггар хьекъалечу, сийлахь-воккхачу кIанте – шена дукхавезначу шен имаме – тIаьххьара бIаьрг а тоьхна, мохь аьлла, ша лаьттачохь дIахаьрцира.

Василийна хIинца а шена хезаш санна хетара цуьнан тIаьххьара доца къамел. Цигахь дийна бисина шен кIезиг накъостий тIе а гулбина, цаьрга ша дина а ваккхийтина, чIогIа нуьйра а вехкийтина, тIаккха шен гIopгIa-стоммачу озаца вистхилира иза:

– КIентий! Шуна дика хаьа, имамна тIаьхьа а хIоьттина, кху суьйлийн лаьмнашка со сайн са дадийна ца веанийла. Вайн ницкъ ца тоьи вешан маршо, латта ваьшкахь сацо. Амма вайх цхьаммо а сий ца дайъи вешан дайн. Ваьш царна дуьхьалхIиттинчу дийнахь, оха тхешан декхар кхочушдина, и тIаьххьара минот тIехIотталц вайн хьомсара латта мостагIех лардина ала йуьззина бакъо йу вайн. Суна ца лаьа мостагIчун караваха. Йа кхузахь летта вала, йа, и кхолха гуо а хадийна, цIа верза сацамбина ас. Са чIогIа дерг суна тIаьхьахIотта. КIажийн пхенаш дегориг хIинцца эццашха дIаваханчу имамна тIаьхьа гIyo. Кхузахь Iожалла йерг вужур ву, дийна висинчо, вайн хьаннашка а вирзина, вайн мехкан, вайн халкъан, вайн бакъдинан дуьхьа къийсам латтор бу. Оцу Делан мостагIийн гуо хадо хьовсур вай. Оцу везачу Дала гIo дойла вайна!

– Маршо йа Iожалла! – мохь туьйхира Василийна уллохь лаьттачу Косолаповс.

Цо баттара даьккхина болатан тур ткъесах къегара малхехь. Оцу минотехь иза халла вевзира Василийна. Цуьнан цIен бос богу беснеш кIайеллера, цIеллех хIума дацара балдаш тIехь. Цергаш йара чIогIа тIеттIатаIийна, лаамах буьзна майра ши бIаьрг цIарах богура. Иэккхийта санна, буйнахь къуьйлура детица кхелина туьран мукъ. БархI шо хьалха иза ведда йийсарера йухавеача, имамо цунна делла совгIат дара иза. Цунна тIехь дашо варкъ доккхуш Iаьрбийн йозанца йаздина дара масех дош: «ХIара турпал а, говза тIемало а ву, лом санна, дера мостагIчунна чукхоссалуш».

Бекхаман лаамах дуьзна дегнаш кхехкачу оцу йуккъехь веккъа цхьа Аьрзу лаьттара, лам санна, собаре, вист ца хуьлуш, воьгIча санна, шен хьаргIачу динахь. Шуьйрачу некхан шина а агIон тIехь лепара цхьацца мидал: «Имамо Шемала хIокху майрачу тIемалочунна хьалхарчу даржан орден ло», «Майра а, къонах а ву». Тамаша бара, оцу шен бIаьхоша детта маьхьарий цунна хаза а хазахь. Баккъал а аьрзунчух тера цуьнан майра хьажар кхерстара мостагIчун позицеш тIехула. Лекхачу хьаж тIехь гора кIорга ойла. Шемалан эскарехь шен хьуьнаршца а, майраллица а гIараваьллачу оцу кхаабIаьнчо, схьахетарехь, мостагIчун гуо хадо мела меттиг лоьхура. Цунна тIера бIаьрг ца боккхуш, тIехьа лаьттара хаддаза цуьнан некъашхо – ваша Iела.

– КIентий! Iожалла йа маршо! – баттара тур доккхуш, дин охьахийцира БойсагIара.

Оцу болатан гоьргана тIаьххье чухецайелира дошлойн жима ковра. Амма царах цхьа ткъех стаг бен ца велира гуонах ара. Чевнаш хиллачаьрца вара некхах тоьпан хIоъ бисина Косолапов а. ТIаьхьадаьллачу орцанера бевлча, ламанан чехкачу хил дехьахь садаIа севцира уьш. Косолапов вала гергавахча, чевнаш хилла вуьш а битина, берриш а цунна тIе гулбелира. Коьрте хиъначу Маккхала шабарца йеса доьшура. Бисинарш тапъаьлла Iара.

Поделиться с друзьями: