Йеха буьйсанаш
Шрифт:
…Шемалан йуьхь кхоьлира. Йуха а карладелира шен дахаран уггар хала масех де. Ахульгохь иэшна иза ведда Нохчийчу вогIу денош. Уггар цунна тешаме ву боху ворхI мурд вара цуьнца: Юнус, Салихь, Мохьуммад, Нур-Iела, ХиматIил, МуртIади, Муса…
ТIамца гонна йукъара бовлуш чов хиллера Шемална. Салихьан гихь валочу ворхI шо долчу ГIеза-Махьмин настарх салтичун цамза кхеттера. Цхьана лекхачу, готтачу чIожа тIехула, дукъо а тесна, дехьабовла дезаш нисделира. Охьа чухьаьжча, халла къаьстара бухахь гIергIа ГIойси. ТIай дацара, амма, мухха девлла а, дехьадовла дезара. Ца довлахь, Iожалла йара кийчча. Шемал кхоьрура кIант гихь дукъо тIехула дехьавала. Цо шен мурдашка дийхира, цхьамма кIант дехьаваккхахьара
ТIаккха, шайна тIаьхьатоллуш богIучу Хьаьжа-Мурдан ал Хунзахин, Ахьмат-Ханан ал Сахалин бIаьнах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа гIерта хIорш мацалло а, хьогалло а бIарзбира. Йарташка баха а ца баьхьара. Схьа а лецна, Iедале дIабаларна кхоьруш. Лаьмнашкахь шаьш тIенисделлачу шина жаIуьнера дуккха а мах белла хи ийцира цара. Кхаа тобане бекъабелла боьлхура мухIажарш. Жима ГIеза-Махьма хьалхарчу тобанца воьдучу Салихьан гихь вара. ТIаьхь-тIаьхьарчара, кIез-кIезиг хи а молуш, баттам хьалха дIалора. Кхано садаIа севцча, шен кIант гIийло гича, Шемална хиира, мурдаша, оцу жимачу кIанте цхьа къурд а ца бойтуш, дерриг хи шаьш дIа а мелла, йассийна баттам бердах чукхоьссина хилар…
Дагестанан имамаллин оцу кхаа-деа шарахь цигахь шена йина йамартлонаш, тешнабехкаш ца бицлуш, тIаьхьа цхьа хан йаьхьира Шемала. Ша нохчаша имам кхайкхийча, Нохчийчу веана, массо дагестанхойн Iеламча виэ, хьаьжкIаш иэца баьхкинчаьргара говраш, варраш схьайаха аьлла, омра а дира. Амма дог ца Iийра ца кIадлуш а, шечаьргахьа ца узуш а. ХIинца деш дерг а…
…Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка. Цуьнан бIаьрг тIехIоьттинчу xIop а Iеламчин а, наибан а кортош охьадахара. Чергазийн ИбрахIим, гIебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн Iусман а вара имаме майрра хьоьжург.
Шемала бIаьргаш тIекъевлира. ТIаккха Iаьрбийн маттахь меллашчу мукъамца гIийлла байт элира:
Сайн дегIан гIагI хетта
Со тешна вежарий,
Де доьхна висинчохь,
МостагIий хилира.
Со ларван кечдина
Уьш пхерчий хеттера,
Амма уьш сан даг тIе
Хьовсийна хиллера…
– Хьо бакъ ву, майра Бир Коьз, – маслаIатна йукъавуьйлира ГIеза-Махьма. – ГIалаташ, цатемаш дага ца лоьцур вай тахана. Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладогIа.
Собар доцуш, сиха стаг ву БойсагIар. Шемалан пурба доцуш цунна тIевогIург а, шен дагахь дерг дуьххьал схьаала ваьхьаш верг а веккъа и цхьаъ ву. КIиллолла бохург хIун йу ца хаьа БойсагIарна. Иза майра а, доьналла долуш а, тешаме а хиларна, дерриг а гечдо цунна имамо.
Къармазечу БойсагIара доьхначу тIе а дохийнера имаман дог, хIорш чукхойкхуш ала кечдинарг, даьржина, дайра.
– ХIаъа, гIуллакхаш вуон ду, майра лом БойсагIар, – элира эххар а Шемала, гIовгIа дIатийча. – Нохчийчоь йоьжна. ХIинца шайн берриг ницкъаш Дагестанна дуьхьал гулбина оьрсаша. Вайн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьавогIу Уч Коьз. Салатавехула, Темирхан-Шурахула цунна дуьхьалдогIуш ду инарлин Врангелан эскарш. Гуьржехара схьадаьхкина эскарш ду ГIойсица схьадогIуш. Кхаа агIорхула гуо беш бу вайна. Гаурш-м хала а ца хетара суна. Халаниг а, Iаьткъарг а кхин ду. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха санна, кхузара йерриг йарташ, цхьа а тайпа дуьхьало ца йеш, мостагIчуьнгахьа йуьйлу. Со мегарг ДаьргIал аравала а кхиале, шаьш царна муьтIахь хиларна тоьшалла деш, гауршна тIе векалш бахийтина Iаьндоша, ашильтоша, согIратIлахоша, гIимроша, унцIукIлахоша, гоцIатIлахоша, хунзахоша, дарадахоша а. Кибит-Махьмас суна дуьхьалйаьхна тIилитIлахойн а, карахийн а йарташ. Дениелбека лаьзгийн йарташ гIовттийна суна дуьхьал. Ахь ма-аллара, со даймехкан лаьтта тIе ма-веллинехь, байтулмалан а, сан сайн а мулк талий…
– Собарде ахь,
имам, жимма дехьаваьлча, тIера шарбал йоккхур йу хьан, тIаккха корта боккхур бу йа гауршна вухкур ву. Цхьана чами ахьарх!Имам оьгIазе дIаьхьаьжира, шен цхьаъ бен боцчу пхьаьрсан гола месалчу куйна тIе а гIортийна, куьйга корта а лаьцна, тевжина Iачу БойсагIаре. Амма шен багара араэккха кечделла шога дош, цергаш таIийна, сацийра Шемала. ТIехула тIе, хIуьттаренна ца алахь, БойсагIаре ала хIумма а дацара. Бакъ ма лоьра иза.
– Гунибе дIадаха кечло! – дах ца деш, омрица чекхдаьккхира имамо шен къамел.
ЦIа чохь тийналла хIоьттира. Цхьаммо а хаттар ца деш йа дуьхьал дош ца олуш. Имаман омрина резахилира а хаац, йа кхерабелла Iара а хаац.
– ХIан, Гунибе дIа-м гIyp дара вай, тIаккха хIун хир ду? – ца Iавелира БойсагIар.
– ТIаккха хиндерг Далла хаьа, майра Бир Коьз, – дохийна жоп делира имамо, доккха са а доккхуш. – Вешан оьмар чекхйаьллехь, лийр ду, ца йаьллехь, дуьсур ду Iожаллин де тIекхаччалц.
– Гаурех тIаьххьара а летта лийр ду цигахь. Гунибал дика чIагIo йац мостагI вохо! – элира Дибира ал Хунзахис.
– ТIом бан меттиг лоьхуш, девдда лела вай кху ткъа дийнахь?
– Гуниб дика чIагIо йу мостагIчунна дуьхьал.
– Аш дуьхьало ца йеш мостагIчунна дIайелла СогIратIла, Ахульго, Гергебал ледара чIагIонаш йара ткъа? Уьш санна, Гуниб а дIайала доьлху вай цига?
– БойсагIар, хьайна тхоьца дIаван ца лаахь, хьайн нохчашца йухаверза пурба ду хьуна!
– Хьан пурбане хьоьжуш хIумма а дац сан!
– Хьо хIун деш Iа ткъа?
– Шемалан дедоьхча, бенойн БойсагIар цунах дIакъаьсти боху цIе сайна ца тиллийта вогIу.
– Цаваьллачу денна вогIу вайца, – Iоттар йира йуха а неIарехь лаьттачу Дибира ал Хунзахис. – Хьалххе вада ца кхиъна, хIинца тIаьхьа ду.
– ХIумма а тIаьхьа дац, – жоп делира БойсагIара. – ХIор а дийнахь гаурашкахьа дIауьдуш бац шун наибаш, Iеламчаш? Шуьца Гунибе дIавогIур ву со. Шу гIазотехь леташ леш хьажа. И дийр ма дац аш. Гаурийн кара гIyp ду. ТIаккха, Дибир, со йухавоьрзур ву тхешан хьаннашка. Сайна чохь са а долуш, кара гIyp вац. Летар ву, тIаьххьара саоззалц. Со Iемина вац ида. Ткъа шу Iемина.
Кеста-кестта девне бовлу и тIехбеттамаш кху тIаьххьарчу шерашкахь кIезиг ца хуьлура нохчашний, дагестанхошний йуккъехь. Хьалхарчара шолгIаниш бехкебора, царна нохчийн хьаннашкахь тIом бан а ца хаьа йа лаа а ца лаьа, Шемала Нохчийчохь хIитто церан наибаш цхьа а тайпа тIеман корматалла йоцуш бу бохуш. Дагестанхой а ца Iара ала кхоабелла. ХIокху тIаьххьарчу хенахь нохчийн йарташ, дуьхьалойар сецош, паччахьан эскарийн карайаха йоьлча, нохчий йамарт бу бохуш, тIехбеттамаш бора цара. Шинна а агIорниш ца кхетара, бIеннаш шерашкахь цхьаьна xIapa лаьмнаш хазарех а, аланех а, монголийн ханех а, Тимуран гIеранех а, гIажарийн шахех а лардина, дикий, вуонний, хазахетаррий, халахетаррий вовшашлахь нийсса доькъуш схьадеанчу жимачу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а халкъашна йукъа мостагIалла доларна бехке дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн къизалла а, сутаралла а хиларх. И ший а халкъ ма дара майра, оьзда, къинхетаме а.
– Тоьур ду, БойсагIар! – аз айдира цо. – КIордийна суна хьан Iиттарш, кураллаш. Некъана кечам бан арадовла…
4
Василийна хьалхахIоьттира имам йийсаре воьду дей, миноташший. Оцу цхьана-шина баттахь къанвелла букархьаьвзира Шемал. Коьртах хьарчийна йеха кIайн чалба. КIайчу гIовтална тIехула дихкина кхелина шаьлтий, доьхкий. Кочахь – детица кхелина тур. Биэндоцуш тIехьа доьхкарх йоьллина кечйина ши тапча. Зоьртала, амма хаъал букъ сеттина, нуьцкъала дегI. Сирйала йоьлла гIин диллина йуькъа маж. Йийсаре ваха сацам хилла араваьллачу цунна дуьхьалваьлла буьрса наиб БойсагIар.